Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хи тІехула сиз хьаькхна Цо, серлонна а, боданна а юкъара доза а къастош. Лаьттан кийрара хиш аралилхинчу хенахь хІордана хьалхара кевнаш дІа хьан къевлина? Ас, духар санна, цунна тІе мархаш ехкира, буькъачу боданна юккъе иза дІа а хьарчош. Ас иштта хІордана доза а къастийра, цунна хьалха догІа тухуш йолу кевнан неІарш а хІиттош. Ас цуьнга элира: „ХІокху метте кхаччалц схьабогІур бу хьо, амма кхузара сехьайовла йиш яц хьан курачу тулгІенийн“. тулгІенаша гІовгІа яьккхича а, хІордийн хиш ловзадевлча а, шаьш меттахдахарна лаьмнаш дегийча а. Ахьа царна тІехдевр доцу доза дІахІоттийна, латта дІахьулдан уьш юха ца дахийтархьама. Ахьа мел динчу воно хьуна таІзар дийр ду, хьан тешнабехке хиларо хьуна тІехдеттар ду. Ойла ехьа, хаа ду хьуна, Везачу Элах хьо дІакъаьстина хилар а, Суна хьалха хьо ларамах дуьзна цахилар а, мел вон а, къаьхьа а ду иза». – боху массо а ницкъийн Хьалдолчу Эло. Хьуна хьалха ларамах ца вуьзна мила хир ву, ва къаьмнийн Паччахь? Хьоьга и ларам хила догІуш ма ду! Къаьмнийн массо а хьекъалчашна юкъахь я церан массо а паччахьашна юкъахь Хьоьца нислур волуш цхьа а вац!
Выбор основного перевода