Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
КІезиг болчу нахана тІера дуьйна, цІеяхана болчарна тІекхаччалц мел верг санехьа ваьлла, пайхамаршна тІера динан дайшна тІе кхаччалц верг харцонехьа ваьлла. ТІаккха Везачу Эло соьга элира: «Цу пайхамарша Сан цІарах бинарш харцкхайкхамаш бу. Уьш Аса баийтина а, къобалбина а бац, Аса цаьрга хІумма а ца элира. Цара бо хаамаш харцсуьрташна а, даьссачу паьлнашна а, шайн дегнийн Іехорна а тІехь лаьтташ бу. Суна хезна Сан цІарах харцхаамаш беш болчу пайхамарша бохург. Цара олу: „Суна гІенах гина, суна гІенах гина“. Царна даьсса суьрташ а го, цара харцахьа пал а туьйсу. Цара боху: ‘Везачу Эло иштта олу’, Везачу Эло шаьш нахана тІе бахийтина боццушехь. Мелхо а, шаьш аьлла дош кхочушхиларе хьоьжу уьш! Нагахь санна цхьана даьсса къамелаш дечо, аьшпаш а кхоьллина: „Ас чагІарх а, нихах а лаьцна хаамаш бийр бу“, – аьлча, цунах хІокху халкъана тамехь волу пайхамар хир ву.
Выбор основного перевода