Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Амма хьоьга беъначу баланан бахьана хьо хьуо ду. Хьан Веза Дела волчу Аса хьо нийсачу новкъахула далош дара, амма хьо Суна уллора дІаделира. Ахьа къинош летор бахьана долуш догІанаш а севцинера, бІаьста догІу догІа а цхьаьна. Амма тІаккха а хьуна эхь ца хетара – хьан юьхь кхахьпанан санна яра, эхь ца хеташ. «И бохам шуна тІебеъна аша мел лелийнарг бахьана долуш. Аша лелийна болу харцнекъаш бахьана долуш беана шуьга хІара къаьхьа бала. И бала чІогІа шун дагах а кхетар бу».
Выбор основного перевода