Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Геннара, дуьненан йистера, халкъ тІехоьцур ду шуна Везачу Эло. Аьрзу санна, тІелеттачу цу халкъан мотт хуур бац шуна. Дала генарчу халкъашна байракх хьалаойур ю, лаьттан йистошкахь Іачарна билгало лур ю. Хьажал, мостагІа сиха а, атта а схьакхочуш ву! Хьуна кхин гур дац Іаьржа а, ца кхеташ а долу къамел а, тамашийна а, ца бевзаш а болу мотт буьйцу дегала халкъ. Юха ЕшаІ-ЯхІу-пайхамаро, Хьузакх-ЯхІу-паччахь волчу а веана, хаьттира цуьнга: «ХІун бохура оцу наха? Мичара баьхкинера уьш?» Хьузакх-ЯхІус жоп делира: «Уьш генарчу Бавел-махкара баьхкинера», – аьлла. Аса кестта къилбаседехьара йолчу пачхьалкхашкара къаьмнаш схьакхойкхур ду, – боху Везачу Эло. – Цара, схьа а даьхкина, шайн паччахьийн гІанташ Ярушалайман кевнашна уллохь охьахІиттор ду. ГІалин пенашна а, иштта ЯхІуд-махкарчу массо а гІаланашна а тІелетар ду уьш. Халкъашка хаам бе, Ярушалайме а дІахаийта: генарчу махкара эскархой тІегІерташ бу, ЯхІудан гІаланашна тІе тІеман маьхьарий хьоькхур ду. Иштта боху Везачу Эло: «Къилбаседехьара тІедогІуш доккха эскар ду, дуьненан йистера тІаме кечам беш ду доккха къам. «Ткъа хІинца, Исраилан цІа, Ас халкъ дуьхьалдоккхур ду хьуна. Къилбаседера Хьамат-Іин долчуьра къилбера Іариба-тогІин хина тІекхаччалц дІалохкур ду шу», – боху массо а ницкъийн Везачу Дала.
Выбор основного перевода