Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ХІай сонта, ца кхеташ долу халкъ, иза ду аша Везачу Элана дІалуш дерг? Иза вац ткъа шун Да, шу хилийтина а, шу кхоьллина а, шу дІатардина а волу? Цо элира: «Ваха а гІой, ала оцу халкъе: „Хезар ду шуна, амма кхетар дац шу. Хьоьжур ду шу, амма маьІна къастор дац аша“. Амма аса сайга элира: „Уьш къен нах хила мега, цаьргахь хьекъал дац. Цундела царна Везачу Элан некъ а, Дала тІедиллинарг а ца девза. Ас жоп делира: «Хьаьнга вистхила веза со, мила тІетаван веза аса, сайга ладогІийта? Наха шайн лергаш дІакъевлина, цундела царна хІумма а ца хеза. Везачу Элера долу дош царна сийсазалла санна хилира, царна тамехь дац иза. «Адаман кІант! Хьо аьрхачу нахана юкъахь вехаш ву. Церан бІаьргаш бу, амма царна хІумма а ца го, церан лергаш а ду, амма царна хІума а ца хеза, хІунда аьлча уьш аьрха нах бу. Царна тІехь Ешаъ-ЯхІу-пайхамарехула Делера болу хаам кхочушхуьлу: „Аша ладугІур ду, амма шу цунах кхетар дац, хьоьжур ду шу, амма маьІна къастор дац аша. „царна, хьоьжжушехь, хІумма а ца гайтархьама, хеззашехь, уьш ца кхетийтархьама, кхечу тайпана хилча, уьш Суна тІебоьрзур бара, ткъа Ас гечдийр дара царна“». Іийсас элира: «Шун таро ю Делан Олаллех йолу къайленаш йовза, ткъа кхечаьрга Ас ишттачу дустаршца дуьйцу, уьш „хьоьжуш боллушехь, царна хІумма а ца гархьама, ладугІуш боллушехь, дуьйцучух ца кхетийтархьама“. «Дала церан бІаьргаш бІаьрзе бинера, церан дегнаш а шога динера, церан бІаьргашна са ца гайта а, церан дегнаш тІаьхьа ца кхиийта а, уьш шайна гІо дайтархьама Шена тІе ца бахийта а. – Ас уьш то а бийр бара!» „Цу халкъана тІе а гІой, ала цаьрга: Шайн лергашца ладугІур ду аш, амма кхетар дац шу, шайн бІаьргашца хьоьжур ду шу, амма маьІна къастор дац аша. Делан Йозанашкахь яздина ма-хиллара: «Дала церан дегнаш артдина, таханлерчу дийне схьакхаччалц хІумма а ца го бІаьргаш а, хІумма а ца хеза лергаш а церан хилийтархьама».
Выбор основного перевода