Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Элана герга а веана, цо хаьттира: «Веза Эла, Хьайн лаамехь берш а, лаамехь боцучаьрца хІаллакбан дага-м ца деана Хьуна? ХІун хаьа, цу гІалахь шовзткъе итт Хьан лаамехь стаг вуйла? ХІетте а и гІала йохор ю Ахьа? Шовзткъе итт Хьан лаамехь волчу стеган дуьхьа цу гІалех къинхетам бийр бац Ахьа? Ахь иштта-м дойла ма яц! Хьан лаамехь боцурш байархьама, гІала а йохош, Хьан лаамехь верг хІаллаквийр ма вац Ахьа? Нагахь иза хилча, Хьан лаамехь болчарна а, боцучарна а юкъахь башхо ма яц – уьш массо а хІаллакьхуьлуш ма ву. Ахь иштта дийр дац! Дерриг а дуьненан Кхелахочо йийр яц нийсо?» ТІаккха Везачу Эло элира: «Нагахь Седам-гІалахь Суна шовзткъе итт Сайн лаамехь волу стаг каравахь, церан дуьхьа Аса цу ерриг а гІалех къинхетам бийр бу». ИбрахІима элира: «Новкъа Іуьллу чамхалган меха волу со Хьоьца къамел дан хІутту, Хьалдолу Эла. Масала, пхиъ тІе а ца тоьъна, гІалахь шовзткъе пхиъ бен Хьан лаамехь верг ца хилахь? И пхиъ тІе ца тоьъна аьлла, ерриг а гІала йохор ю Ахьа?» Хьалдолчу Эло жоп делира: «Нагахь Суна цигахь шовзткъе пхиъ Сайн лаамехь волу стаг каравахь, Аса гІала йохор яц». Юха а хаьттира ИбрахІима: «Ткъа Хьайна шовзткъа Хьан лаамехь волу стаг бен ца каравахь, йохор юй Ахьа и гІала?» «Нагахь Суна шовзткъа Сайн лаамехь волу стаг каравахь, Аса йохор яц и гІала», – жоп делира Хьалдолчу Эло. «Хьалдолу Эла, доьху Хьоьга суна оьгІаз ца вахар, пурба лохьа Хьайга хатта: нагахь гІалахь ткъе итт бен Хьан лаамехь стаг ца хилахь, йохор юй Ахьа иза?» – аьлла, хаьттира ИбрахІима. «Нагахь Суна цигахь ткъе итт Сайн лаамехь стаг каравахь, Аса йохор яц иза», – жоп делира Хьалдолчу Эло. ТІаккха ИбрахІима элира: «Волавеллачуьра кхин а хоттур дара аса, Хьалдолу Эла: нагахь гІалахь Хьан лаамехь ткъа стаг хилахь?» Хьалдолчу Эло жоп делира: «Цу ткъа стеган дуьхьа а йохор яц». Юха а вистхилира ИбрахІим: «Хьалдолу Эла, оьгІаз ма гІахьара Хьо аса кхин цкъа а хаттарна: нагахь Хьуна итт Хьайн лаамехь волу стаг каравахь цу гІалахь?» Хьалдолчу Эло жоп делира: «Итт стеган дуьхьа а йохор яц». ХІунда аьлча Везачу Элан бІаьргаша дерриге а латта дІалоцу, Шех дог тешна Іаш болчарна гІо дархьама. Ахьа ойла ца еш хІума дина хІинца. И бахьана долуш хІинца дуьйна тІемаш бан дезар ду хьан». Стигалшкара адамашка охьахьоьжу Веза Эла, цхьа а кхетамехь верг а вуй те, Дела лоьхург а вуй те, Шена гархьама. ХІара боху массо а ницкъийн Везачу Эло: «Дитташ схьа а хададай, Ярушалаймана гонах гІалин пенна тІеволийла кечъе. И гІала таІзар дан хьакъ долуш ю, иза гІело ярх юьзна йолу дела. Пен тобан, пенна Іуьрг даьллачу метте мехкан дуьхьа дІахІотта стаг лийхира Ас, Соьга и мохк хІаллак ца байтархьама, амма Суна иза ца карийра.
Выбор основного перевода