Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха аса элира: «Ва Хьалдолу Эла! ЯхІудан халкъе пайхамарша олуш ду, Ахьа цаьрга иштта аьлла бохуш: „Нахана мостагІийн тарраш гур дац, цара мацалла хьоьгур яц. Аса машар латтор бу хІокху лаьтта тІехь“». Цундела Веза Эла волчу Аса Сайн цІарах хаамаш беш болчу цу харцпайхамарех лаьцна боху: уьш Аса баийтина бац. Цара Соьгара долуш санна боху, хІокху лаьтта тІе, герз карахь а долуш, мостагІий богІур бац, иштта кхузахь мацалла а хІуттур яц. Ткъа и пайхамарш тур а, мацалла а бахьана долуш лийр бу. Хьан массо а баьчча мохо дІахьур ву, ткъа хьан бартхой йийсаре буьгур бу. ТІаккха хьо юьхьІаьржачу хІуттур ву, айхьа мел лелийна зуламаш бахьана долуш.
Выбор основного перевода