Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шуна а, шун дайшна а ца девзачу халкъана тІе дуьгур ду Везачу Эло шу а, аш шайна хаьржина паччахь а. Цигахь дечиган а, тІулгийн а цІушна Іамал йийр ю аша. Дерриг а шайн доллушехь, шайн Везачу Далла аш самукъадаларца а, дага чохь даккхийдерца а Іамал ца ярна хир ду иза шуна. Везачу Эло шайна тІеваийтинчу мостагІчунна децар ду шу, меца а, хьогах а, дерзина а, къен а долуш. Дала шун вортанна тІебиллинчу безачу мохьо Іазапехь латтор ду шу. Массо а халкъаша эр ду: „ХІун бахьана ду те Везачу Эло оцу лаьттана иза дар? Цуьнан дераллах иштта чІогІа цІе хІунда яьлла?“ Цунна долу жоп иштта хир ду: „Шун дайн Везачу Дала Мисар-махкара шу арадаьхча, шайца бина барт дІа а тесна, бахана, кхечу деланашна гІуллакх деш а бу, царна Іибадат деш а бу. Ткъа хьалха и деланаш царна цкъа а ца бевзара, Цо пурба а ца деллера оцу деланашна Іамал ян. Ткъа оцу дезачу цІийнах лаьцна, иза сийлахь делахь а, чекх мел волучо инзарваларца а, веларца а хаттар дийр ду: „И хІунда дина те Везачу Эло оцу махкана а, оцу Шен цІенна а?“ ТІаккха, царна жоп луш, наха эр ду: „Мисар-махкара шайн дай арабаьхна волу шайн Веза Дела а витина, уьш кхечу деланашна тІаьхьа а бевлла, царна Іамал а еш, Іибадат дан болабаларна дина царна иза. Цундела Везачу Эло баийтина царна тІе и берриг бохам“». Ахьа хьайга хаттар дан мега: «ХІунда беана суна тІе хІара бала?» – аьлла. Дагар ца даллал дукха къинош летийна ахьа хьайх. Цундела хьан кучан юх яьттІа ю, когаш берзина а бу. «Ярми-ЯхІу, ахьа яхІудхошка хІара дІадийцича, цара хьайга: „ХІунда хІоттийна тхоьга Везачу Эло хІара боккха бала, тхоьгара хІун даьлла, Везачу Элана хьалха хІун къинош летийна оха?“ аьлла, хаттахь, ахьа жоп дала деза: „И шуна хилларг дІаяханчу заманашкахь шун дай Сох дІаберзар бахьана долуш хилла, – боху Везачу Эло. – Кхечу деланашна тІаьхьа а хІиттина, царна Іамал а йора, царна суждане а оьхура уьш. Со дІа а теттина, цара Сан товрат-хьехамаш лар ца бора. Амма аша шайн дайшачул а чІогІа дукха къинош летийна. Шух хІорра а шен вочу деган аьрхаллица лелаш ву, амма Соьга ла ца дугІу аша. Цундела Аса шу, кху лаьтта тІера дІа а кхиссина, шуна а, я шун дайшна а девзаш доцучу махка дІадохуьйтур ду. Цигахь лелар ду шу дийнахь а, буса а кхечу деланашна Іамал еш, ткъа Аса шух къинхетам бийр бац“».
Выбор основного перевода