Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Иштта леларна Аса таІзар дийр дац те? – боху Везачу Эло. – И санна долчу халкъана Аса бекхам бийр бац те? Аса таІзар дийр дац те царна и хІума бахьана долуш? – боху Везачу Эло. – Сан даго бекхам бийр бац те цунах терра долчу къомана?» «Со шуна гергакхочур ву кхел ян. Аса сихха тоьшалла дийр ду бозбунчашна а, кхечуьнца лелачарна а, харц дуйнаш кхуллучарна а, тІелаьцначу белхалочунна йогІу ял дІалуш боцучарна а, йисинчу зудчунна а, бо берана а гІело ечарна а, тІевеанарг дІатоьттуш болчарна а, Соьга ларамах буьзна боцучарна а дуьхьал», – боху массо а ницкъийн Везачу Эло.
Выбор основного перевода