Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха лаьхьано зудчуьнга элира: «ХІан-хІа, лийр дац шу, Амма, Делан дешнех а ца бешаш, Цуьнан пайхамарех а кхаьрдаш, цара Дала бахкийтинарш юьхьІаьржачу хІиттабора, Шен халкъана дуьхьал йолу Делан дералла юха ца ерззал чІогІа алсам а йоккхуш. Аша боху: «Іожаллица берта дахана тхо, эхартаца а барт бина оха. Детташ долу серий, хитІедалар санна, чугІиртича, иза тхуна тІе кхочур дац, хІунда аьлча оха харцонах тхайн дІалечкъийла йина, ткъа мекарлонах тхо къайладахаран меттиг йина». ТІаккха аса элира: «Ва Хьалдолу Эла! ЯхІудан халкъе пайхамарша олуш ду, Ахьа цаьрга иштта аьлла бохуш: „Нахана мостагІийн тарраш гур дац, цара мацалла хьоьгур яц. Аса машар латтор бу хІокху лаьтта тІехь“». Цара массо а хенахь Сох ца бешаш болчаьрга олу: „Везачу Эло боху: шу долчохь машар хир бу“, ткъа шайн аьрхачу дегнашца лелаш болчаьрга цара олу: „Шуьга бохам богІур бац“».
Выбор основного перевода