Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Элана тІаьхьахІоьттина волчу кхечу къоман стага ма олийла: «Везачу Эло со билггал Шен халкъах дІакъастор ву». ВаьІна волчо а ма олийла: «Со дакъаделла дитт бен дац». Везачу Эло иштта боху: «Сан шоьтан денош лоручу а, Суна лууш дерг хоржучу а, Соьца бина барт ларбечу а баьІначарна Сайн цІа чохь а, цуьнан пенаш юккъехь а дагадоуьйтийла дІахІоттор ю Аса, ткъа нехан кІентий а, мехкарий а дуьнен чу бовлучул а дика хир ю иза. Абаденналц йолу а, хедар йоцу а цІе лур ю Ас царна». Амма иза Бен-Яманан кевне кхаьчча, цигарчу гІаролхойн хьаькамо Хьанан-ЯхІун кІентан Шалам-ЯхІун кІанта Йираъ-ЯхІус Ярми-ЯхІу-пайхамар сацийра: «Хьо хашадхошкахьа вала воллуш ма ву!» – аьлла. «Ярми-ЯхІу, ваха а гІой, хушахо волчу Іабайд-Малике хІара дешнаш дІаала: „Иштта боху Исраилан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло: ‘ХІокху гІалина, диканиг а ца деш, бохам бийр бу аьлла долу Сайн дешнаш кхочушдан хІоьттира Со. Иштта хилча, хьан бІаьргашна хьалха иза кхочушхир ду. Шуна ца веза кхел ечохь харцо гучуйоккхуш верг, бакъдерг дуьйцучух а шу ца деша. ТІаккха Пилап дІавахара. Цунна дуьхьалкхийтира ваьІна волу эфиопхо. Эфиопин-пачхьалкхан Кхандакх цІе йолчу зуда-паччахьан цІийнехь лаккхарчу даржехь а волуш, цу паччахьан дерриг а жовхІарех жоп а луш, уьш лардеш вара иза. Ярушалайме Далла Іибадат дан а веана,
Выбор основного перевода