Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ден вашас юха а хаьттира: «Схьадийцахьа, хІун элира шуьга Шамъала?» Шаула жоп делира: «Шамъала тхоьга хаам бира, виркхелаш схьакарийна аьлла». Амма Шамъала шега паччахьаллех лаьцна дийцинарг цо дІа ца дийцира. Шаул, хьала а гІаьттина, Зип олучу яьссачу аренга охьавеара. Цуьнца цхьаьна исраилхошна юкъара тоьлла волу кхо эзар тІемало а вара. Уьш Зипахь Дауд лаха арабевллера. Шаул Яшимунан дозанна уллохь болчу Хьахила-барза тІехь сецира, некъана генахь воццуш. Ткъа цу арахь Іаш волчу Даудана гуш дара, Шаул шена тІаьхьавеана хилар. Дауда, цига шен тергамча а вахийтина, ладоьгІча, цунна хиира и веанарг билггал Шаул вуйла. Хьала а гІаьттина, Шаул шен эскарца сецначу метте вахара Дауд. Цунна гира Шаул а, цуьнан эскаран хьаькам волу Неран кІант Абунар а вижина Іуьллуш йолу меттиг. Шаул четар чохь вижина Іуьллуш вара, ткъа цуьнца долу адам цу четарна гонах шайн четарш чохь дара.
Выбор основного перевода