Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло жоп делира: «Аса хьо дикачу Іалашонна билггал паргІатвоккхур ву. Бохам тІе а беана, бала тІехІоьттинчу дийнахь Аса хьан мостагІашка хьоьга дехарш дойтур ду. Ярми-ЯхІуга Везачу Элера хаам кхечира. Иза дара яхІудхойн паччахь волчу ЦІадукъ-ЯхІус и волчу Малки-ЯхІун кІант Пашихьур а, иштта МаІсей-ЯхІун кІант динан да волу Цапни-ЯхІу а хІара хабар эцна вахийтинчу хенахь: «Дехар дехьа тхох лаций Везачу Эле, хІунда аьлча бавелхойн паччахь волу Набухди-Нецар тхуна дуьхьал тІом беш ву. Везачу Эло тхан дуьхьа, Ша хьалха ма-дарра, Іаламат дан там бу, Набухди-Нецар тхуна дуьхьал ваьллачуьра дІа а волуьйтуш». Цул тІаьхьа ЦІадукъ-ЯхІу-паччахьо, цунна тІаьхьа нах а бахийтина, иза схьавалавайтира. Шен паччахьан цІахь паччахьо цуьнга къайлаха хаттар дира: «Везачу Элера хаам хиллий?» Ярми-ЯхІус жоп делира: «Хилла. Хьо Бавелан паччахьан кара дІалур ву», – аьлла. Цара цуьнга элира: «Тхан дехаршка ладогІахьа, Ярми-ЯхІу. Дийна дисначу тхуна тІера доІа дехьа хьайн Везачу Деле. Хьуна гуш ду-кх, Ярми-ЯхІу, дуккха а хилла долу тхо кІеззиг бен ца дисар. ДоІа дехьа, хьан Везачу Деле тхо даха деза некъ а гайтахьара, оха хІун дан деза а дийцахьара алий». ТІаккха Ярми-ЯхІу-пайхамаро царна жоп делира: «Аша бохуш дерг со хезаш ву, аса шун Везачу Деле доІа а дийр ду, аша соьга ма-деххара. Везачу Элера сайна хезнарг, цхьа а хІума къайла а ца доккхуш, шуьга дІа а дуьйцур ду». Цара Ярми-ЯхІуга элира: «Веза Эла бакъволу а, тешаме а теш тхуна дуьхьал хуьлийла, хьан Везачу Дала тхан дуьхьа хьуна луш долчу массо а дешнашка хьаьжжина тхо ца лелахь. шу шайгара гІалат далийта дохку, ткъа цу гІалато шу Іожалле далор ду. Аша со шун Веза Дела волчу вахийтира, соьга иштта олуш: „Тхуна тІера вайн Везачу Эле доьхуш доІа дехьа. Цо мел аьлларг тхоьга дІаалахьа, ткъа оха иза кхочушдийр ду“.
Выбор основного перевода