Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Нагахь санна цхьа къам я пачхьалкх Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецарна дуьхьал далахь, цуьнан дуькъана хьалха шен ворта охьа а ца таІош, цу къомана Аса туьраца, мацаллица, Іожаллин уьнца таІзар дийр ду, – боху Везачу Эло, – и къам Аса Набухди-Нецаре кхоччуш хІаллакдайтталц. ЯхІудхойн паччахь волу ЦІадукъ-ЯхІу хашадхойн карара вер вац. Иза Бавелан паччахьан кара дІалур ву, цо цуьнца юьхь-дуьхьал къамел а дийр ду, цунна иза шен бІаьргашца схьа а гур ву. «Иштта боху Исраилан Везачу Дала: „Ваха а гІой, яхІудхойн паччахь волчу ЦІадукъ-ЯхІуга дІаала, иштта боху Везачу Эло: ‘Ас кестта Ярушалайм Бавелан паччахьан кара дІалур ю, тІаккха цо иза цІарца ягор ю. Хьо а вер вац цуьнан куьйга кІелара. Схьа а лаьцна, хьо а цуьнан кара дІалур ву, хьан бІаьргашца Бавелан паччахь гур ву хьуна, юьхь-дуьхьал цуьнца къамел дийр ду ахь. ТІаккха хьо Бавеле дІавуьгур ву’.
Выбор основного перевода