Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ахьаба, шена Эли-ЯхІу гича, цуьнга хаьттира: «Хьо вуй и – Исраилан халкъе бала хьоьгуьйтург?» Эли-ЯхІус жоп делира: «Со вац Исраилан халкъе бала хьоьгуьйтург, ткъа хьо а, хьан ден цІа а ду. Везачу Элан весеташ дІа а теттина, БаІал-харцделанашна тІаьхьахІиттина шу. Ахьаба Эли-ЯхІуга элира: «Сан мостагІа, карий-кха хьуна со!» Эли-ЯхІус элира: «Карий! ХІунда аьлча ахьа Далла хьалха Цуьнан лаамехь доцу хІума деш ду. Амма Хьуна, Веза Эла, хууш ду цара суна дуьхьал бартбар. Уьш со вен гІерташ бу. Цара летийна къинош дІа ма дахахьа, цара динчу зуламашна геч ма дехьа. Хьуна хьалха уьш эшийна хуьлийла. Хьо оьгІазвахханчохь дехьа царна таІзар. ТІаккха динан дайша а, пайхамарша а элира тхьамданашка а, гулделлачу халкъе а: «ХІокху стагана вен кхел ян догІуш ду, хІунда аьлча цо тхан Ярушалайм-гІалина дуьхьал хаамаш бора. Шуна иза шайн лергашна ма хезара!» Аса шаьш дІадахийтина йолчу гІалин машар а, беркат а совдаккха гІерта, и гІала Везачу Эле йоьхуш доІанаш а де, хІунда аьлча цу гІалахь беркат хилча, шуна а беркат хир ду“. Бетал-гІалин динан да волчу Амци-ЯхІус исраилхойн паччахьна ЯрбаІамна тІе нах бахийтира хІара дІаала: «Исраилхошна юкъахь а волуш, Іамос, барт а бина, хьуна дуьхьалволуш ву. Лаьтте а ца лало цо мел дуьйцург. Цигахь Иза бехке ван хІиттира уьш: «Тхуна хІара стаг нах карзахбохуш вуьйла хиъна. Кхо паччахьна ял ма ло боху, Ша Дала Леррина Къобалвинарг ву боху, ткъа иза паччахь ву бохург ду». Римхойн кхелахошна тІе уьш схьа а балийна, элира цара: «ХІара нах жуьгтий бу. ХІорш бахьана долуш вайн гІалахь синтеме дац.
Выбор основного перевода