Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шаула шен герз лелош волчуьнга элира: «Хьайн тур баттара а даккхий, со вей дІаваккха, и дин доцу сунтбаза берш суна тІе а кхаьчна, цара со веле а, хьийзавале а». Амма герз лелориг, ша дукха кхераваларна, ца хІоьттира и дехар кхочушдан. ТІаккха Шаула, шен тур схьа а даьккхина, цунна тІе а вогІавелла, шех иза чекхдаьккхира. Эпрайман а, Маннашан а мехкашкахула, Забулан махка тІекхаччалц, цхьана гІалара вукху гІала боьлхура геланчаш. Ткъа адамаш царах доьлуш а, кхаьрдаш а дара. Шена тхо Ярушалаймана гонах долу пенаш юхаметтахІиттош ду аьлла дІахезча, Санбулат, чІогІа оьгІазвахана, карзахвелира. Иза яхІудхойх кхарда волавелира. Везачу Эло боху: «Со-суо ву шун догъоьцуш Верг. Хьо хІунда кхоьру лийр волчу стагах, буц санна телхачу адамийн кІантах? Хьуна хІунда вицло хьо кхоьллина волу а, стигалш дІасаяржийна волу а, лаьттан баххаш дІахІиттийна волу а Веза Эла? Хьо хІаллакван кийча волуш волчу, хьуна гІело ечун дералла бахьана долуш, дерриг а дийнахь хьо хІунда кхоьруш лаьтта? Мичахь ю хьуна гІело ечун дералла? ГІалахь бухадисина долу халкъ а, шегахьа бевлларш а паччахьан гІаролхойн хьаькам волчу Набузар-Адана Бавеле дІабигира. Ур-атталла куьйгалхошна юкъара а дукхахберш тийшира Іийсах. Амма шаьш парушхойх кхерар бахьана долуш, цара ца хаийтира шаьш тешний. Уьш кхоьрура шаьш гуламан цІийнах дІакъасторах. Цу хенахь дуьйна Пулат Іийса дІахеца бахьана лоьхуш вара. Амма наха, маьхьарий хьоькхуш, бохура: «Нагахь ахьа Иза дІахецахь, хьо Рим-мехкан паччахьан доттагІа вац. Муьлхха а шех паччахь веш верг Рим-мехкан паччахьан мостагІа ву». И дешнаш хезча, Пулат, Іийса ара а ваьккхина, Литхьасторта олучу, Іебархойн маттахь Габбата цІе йолчу меттигехь кхел ян охьахиира.
Выбор основного перевода