Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ЯхІудхойн паччахь волу ЯхІу-Яхин а, цуьнан нана а, цуьнан ялхой а, цуьнан тІеман хьаькамаш а, цуьнан кертара хьаькамаш а шаьш Набухди-Нецаран кара бахара. Иштта, Бавел-махкарчу Набухди-Нецар-паччахьо олалла ден борхІалгІа шо долуш, цо ЯхІу-Яхина йийсар дира. иза билггал хилийтархьама а, массо а тІейогІун йолчу ханна Хьан цІе язъяйтархьама а. ТІаккха наха эр ду: „Массо а ницкъийн Веза Эла, Исраилан халкъана тІехь волу Дела – Иза Исраилан халкъехьа волу Дела ву!“ Иштта Хьан лай волчу Даудан цІа Хьуна хьалха чІагІделла лаьттар ду! Массо а ницкъийн Дела! ЮхаметтахІиттадехьа тхо. Хьайн юьхь тІера серло тхуна лепийтахьа, тІаккха тхо кІелхьардаьхна хир дара. Массо а ницкъийн Дела! Схьаверзахьа! Стигалара схьахьажахьа, тидам бехьа! ХІокху кемсийн бешан гІайгІа бехьа! И хаам а аса ЯхІудан паччахь волчу ЦІадукъ-ЯхІуга дІакхачийра. Аса элира: «ОхьатаІае шайн ворта Бавелан паччахьан дукъана хьалха, цунна а, цуьнан халкъана а гІуллакх а деш саца – дийна дуьсур ду шу. ХІунда хуьлуш ду хІаллак хьо а, хьан къам а тур а, мацалла а, Іожаллин ун а бахьана долуш? Везачу Эло и дерриг а Бавелан паччахьна муьтІахь ца хиллачу къомана хир ду аьлла ма ду. Делахь а, ладогІа Везачу Эло бохучуьнга, яхІудхойн паччахь ЦІадукъ-ЯхІу! Везачу Эло хьох лаьцна иштта боху: ‘Хьо туьро вуьйр вац. Хьо маьрша лийр ву. Хьол хьалха паччахьаллехь хилла болу хьайн дайн сийнна хаза хьожа йогІу хІуманаш ягош ма-хиллара, дІавуллучу хенахь хьан сийнна а изза дийр ду, ткъа хьуна тийжаш хир бу, ‹Маржа-яІ, тхан паччахь!› бохуш. Цу тІехь Ас дош ло хьуна’“», – боху Везачу Эло. Бавелан массо а мехкан баьччанаш, гІалина чу а баьхкина, Юккъерачу кевнна хьалха охьахевшира. Царна юкъахь Самгар-кІоштан куьйгалхо Нургал-Шар-Эцар а, тІеман коьрта хьаькам Сар-Сахим а, кхечу тайпана тІеман хьаькам Нургал-Шар-Эцар а, иштта массо а кхиболу Бавелан паччахьан баьччанаш а бара. Цигахь Исраилан халкъан Делан сийлалла яра, суна Кабар-хина уллохь йолчу аренгахь гинарг санна йолу.
Выбор основного перевода