Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ЦІадукъ-ЯхІу-паччахьо шен Везачу Далла зуламе хеташ долу гІуллакхаш леладора. Везачу Элера долу дош схьаолуш волу Ярми-ЯхІу-пайхамар шена уллохь а волуш, Далла хьалха ша лахвар ца лиира ЦІадукъ-ЯхІуна. Аса сацам бина хІокху гІалина бохам баккха, Аса цунна диканиг дийр дац, – боху Везачу Эло. – Ярушалайм-гІала бавелхойн паччахьан кара дІалур ю, ткъа цо иза цІергахь ягор ю’“». Иза яхІудхойн паччахь волчу ЦІадукъ-ЯхІус цу чу воьллина вара, хІунда аьлча цо Ярми-ЯхІу иштта бехкевира: «Ахь хІунда бо иштта хаам: „Везачу Эло боху, Ша кестта Ярушалайм Бавелан паччахьан кара дІалур ю, Набухди-Нецара иза дІа а лоцур ю. «Иштта боху Исраилан Везачу Дала: „Ваха а гІой, яхІудхойн паччахь волчу ЦІадукъ-ЯхІуга дІаала, иштта боху Везачу Эло: ‘Ас кестта Ярушалайм Бавелан паччахьан кара дІалур ю, тІаккха цо иза цІарца ягор ю.
Выбор основного перевода