Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ЦІадукъ-ЯхІу-паччахьо шен Везачу Далла зуламе хеташ долу гІуллакхаш леладора. Везачу Элера долу дош схьаолуш волу Ярми-ЯхІу-пайхамар шена уллохь а волуш, Далла хьалха ша лахвар ца лиира ЦІадукъ-ЯхІуна. ХІинца тидам бе, Суна тІедуьйла! ЛадогІа Соьга, шайн синош дахийтархьама! Ас гуттар а хин болу барт бийр бу шуьца, Даудана лур ду аьлла долу тешаме диканаш лур ду шуна. Амма Аса цаьрга цхьа весет дира: „Соьга ладугІуш хила, ткъа Со шун Дела хир ву, шу Сан къам хир ду. Аса шайна тІе мел дехкинчу некъашкахула лела, шайн хьал дика хилийтархьама“, – аьлла. Оцу бертан тІедожорш Аса шун дайшна тІедехкина, Аса уьш эчиг лалош йолу пеш санна хиллачу Мисар-махкара арабохучу хенахь. Аса цаьрга аьллера: ‘Соьга ла а догІий, Аса шуьца бинчу бертан тІедожорш кхочуш а де, Аса шуна тІедехкинчуьнга хьаьжжина. ТІаккха шу Сан къам хир ду, Со шун Дела а хир ву. Амма шун дайша Соьга ла а ца дугІура, Со тергал а ца вора. Мелхо а, шайн вочу дегнийн аьрхалле хьаьжжина лелара уьш. Аса царна тІедиллина и барт кхочушбе аьлла, амма цара иза кхочуш ца дина. Цундела Аса массо а хІокху бертан таІзарш царна тІехьажийра“».
Выбор основного перевода