Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Со даим а хир вац шу бехке деш а, шуна оьгІазъоьхуш а. Со иштта хилча, муьлхха а са Суна хьалха гІеллур дара, Іаь а тухуш, Ас мел кхоьллинарг лаьттар дацара. Цул тІаьхьа ЦІадукъ-ЯхІу-паччахьо, цунна тІаьхьа нах а бахийтина, иза схьавалавайтира. Шен паччахьан цІахь паччахьо цуьнга къайлаха хаттар дира: «Везачу Элера хаам хиллий?» Ярми-ЯхІус жоп делира: «Хилла. Хьо Бавелан паччахьан кара дІалур ву», – аьлла. Матанин кІантана Шапат-ЯхІуна а, Пашихьуран кІантана Гадал-ЯхІуна а, Шалам-ЯхІун кІантана ЯхІукалана а, Малки-ЯхІун кІантана Пашихьурна а хезира, Ярми-ЯхІус массо а халкъе иштта дешнаш дІакхайкхош: «Иштта боху Везачу Эло: „ХІокху гІалахь виснарг туьро, я мацалло, я Іожаллин уьно вуьйр ву, амма, гІалара ара а ваьлла, хашадхойн каравахнарг дийна вуьсур ву. Цуьнан дахар цунна хІонс санна хир ду, ткъа иза вехар ву“. Везачу Эло кхин а боху: „ХІара гІала, шеко йоцуш, Бавелан паччахьан кара дІалур ю, цо иза схьа а йоккхур ю“». ТІаккха баьччанаша паччахье элира: «Ярми-ЯхІу вен везаш ву, хІунда аьлча цо дуьйцучо кху гІалахь бисинчу тІемалойн а, иштта гІалин бахархойн а майралла дІайоккху. Цо вайна лоьрург дика дац, вон ду». ТІаккха ЦІадукъ-ЯхІу-паччахьо баьччанашна жоп делира: «Иза шун карахь ву, ткъа со аша дечунна дуьхьал хІумма а дан йиш йолуш вац». Цара Ярми-ЯхІу, схьа а лаьцна, гІаролхойн кертахь яьккхинчу паччахьан кІентан Малки-ЯхІун гІунна чу кхоьссира. Ярми-ЯхІу, машшаш а дихкина, цу гІунна чу охьавоссийтира. Цу гІунна чохь, сазз бен, хи дацара. Иштта саззи юкъа охьавоьссира Ярми-ЯхІу. Паччахьан цІа чохь гІуллакх деш волчу Іабайд-Малик цІе йолчу цхьана хушахочунна хезна Ярми-ЯхІу гІу чу хаийна хиларх лаьцна. Цу хенахь паччахь Бен-Яманан кевнехь хиъна Іаш хилла. Паччахьан цІа чуьра ара а ваьлла, Іабайд-Малика, цунна тІе а вахана, элира: «Сан олахо волу паччахь! Цу наха динарг вон ду, Ярми-ЯхІу гІунна чу а кхоьссина. Иза цу чохь мацалла лийр ма ву, хІунда аьлча кху гІалахь кхин бепиг дац». Исраилан халкъах болу хІара хаам Везачу Элера бу. Стигал дІасаяржийна волчу, латта чІагІдина волчу, адамна чу са кхоьллина волчу Везачу Эло боху:
Выбор основного перевода