Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Бераша санна, куьйгалхоша сан халкъана гІело йо, зударша санна, олалла а до цунна тІехь. Ва сан халкъ! Хьан баьччанаша Іехадо хьо, нийсачу новкъара даьккхина хьо цара. ТІаккха церан цІенош а, кхаш а, церан зударий а кхечарна дІалур бу. Аса Сайн куьг тІедуьллур ду кху махкахь дехаш долчу адамашна, царна таІзар дархьама, – боху Везачу Эло. – Цундела Аса церан зударий кхечарна дІалур бу, церан кхаш а лур ду кхечарна дІа. КІезиг болчу нахана тІера дуьйна, цІеяхана болчарна тІекхаччалц мел верг санехьа ваьлла, пайхамаршна тІера динан дайшна тІе кхаччалц верг харцонехьа ваьлла. Дукхахболчеран шабар-шибарш хеза суна: «Массанхьа а вайна къемат ду! Вай иза емалван ма веза!» Соьгара гІалат даларе а хьоьжуш, сан массо а доттагІаша боху: «Иза Іехо мегар ву. ТІаккха иза эшор ву вай, цунна бекхам а бийр бу». ГІаролхойн хьаькам волчу Набузар-Адана Шапанин кІентан Ахьикхаман кІантехь Гадал-ЯхІугахь шайн дола дан дитина болу массо а божарий а, зударий а, бераш а, паччахьан зудабераш а, иштта Ярми-ЯхІу-пайхамар а, Нери-ЯхІун кІант Барух а шайца дІабигира.
Выбор основного перевода