Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха баьччанаша паччахье элира: «Ярми-ЯхІу вен везаш ву, хІунда аьлча цо дуьйцучо кху гІалахь бисинчу тІемалойн а, иштта гІалин бахархойн а майралла дІайоккху. Цо вайна лоьрург дика дац, вон ду». ТІаккха ЦІадукъ-ЯхІу-паччахьо баьччанашна жоп делира: «Иза шун карахь ву, ткъа со аша дечунна дуьхьал хІумма а дан йиш йолуш вац». Цара Ярми-ЯхІу, схьа а лаьцна, гІаролхойн кертахь яьккхинчу паччахьан кІентан Малки-ЯхІун гІунна чу кхоьссира. Ярми-ЯхІу, машшаш а дихкина, цу гІунна чу охьавоссийтира. Цу гІунна чохь, сазз бен, хи дацара. Иштта саззи юкъа охьавоьссира Ярми-ЯхІу. Массо а баьччанаш Ярми-ЯхІу волчу баьхкира, цара цуьнга хеттарш дира. Шега паччахьо ма-бохху, жоп делира царна Ярми-ЯхІус. ХІумма а ца олуш, уьш дІабахара, паччахьца аса дина къамел цхьанна а ца хезна дела.
Выбор основного перевода