Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ХІокху гІалахь виснарг туьро, мацалло, я уьно хІаллаквийр ву. Амма Ярушалаймера ара а ваьлла, гІалина го бинчу хашадхойн каравахнарг дийна вуьсур ву. Цо шен дахар кІелхьардаьккхина хир ду. ХІора Мисар-махка ваха сацам бинарг, цигахь а я тур, я мацалла, я Іожаллин ун бахьана долуш лийр ву. Царах цхьа а дийна вуьсур вац. Аса царна бан леринчу бохамах цхьа а кІелхьарвер вац“. Барух, Аса хьайна даккхий гІуллакхаш дар лууш вуй хьо? Ма лаа иза, хІунда аьлча Ас массо а адамашна боккха бохам бийр бу, – боху Везачу Эло. – Амма хьо мичча вахча а, хьан дахар Аса хьуна, хІонс санна, лур ду›’“».
Выбор основного перевода