Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цу заманахь бавелхойн паччахьан эскаро Ярушалаймана го бинера. Ярми-ЯхІу-пайхамар яхІудхойн паччахьан цІахь йолчу гІаролхойн кертахь чувоьллина вара. ЦІадукъ-ЯхІус омра дира, Ярми-ЯхІу гІаролхойн кертахь чуволла, гІалахь долу бепиг чекхдаллалц цунна хІора дийнахь бепиг доттуш болчийн урамера бепиг а луш. Иштта, Ярми-ЯхІу гІаролхойн кертахь чувоьллина Іаш вара. Оцу наха Ярми-ЯхІу, гІаролхойн кертара схьа а эцна, Шапанин кІентан Ахьикхаман кІант волчу Гадал-ЯхІун кара дІавелира, цуьнга иза шен цІа дІавигийтархьама. Ярми-ЯхІу шен халкъана юкъахь ваха висира.
Выбор основного перевода