Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ЦІадукъ-ЯхІу, схьа а лаьцна, Бавелан паччахь волчу Рабила-гІала схьавалийра. Цигахь цунна кхел йира. ЯхІудхойн паччахь волу ЦІадукъ-ЯхІу хашадхойн карара вер вац. Иза Бавелан паччахьан кара дІалур ву, цо цуьнца юьхь-дуьхьал къамел а дийр ду, цунна иза шен бІаьргашца схьа а гур ву. Циггахь, Рабила-гІалахь, Бавелан паччахьо а ЦІадукъ-ЯхІуна хьалха цуьнан кІентий байира. Иштта ЯхІуд-махкара баьччанаш а байира цо. ИсмаьІала дерриг а МицІпа-гІалахь дисина долу халкъ дІалецира. Царна юкъахь паччахьан йоІарий а, иштта МицІпа-гІалахь дисина кхин халкъ а дара. Уьш гІаролхойн хьаькам волчу Набузар-Адана Ахьикхаман кІантана Гадал-ЯхІуна, дола де аьлла, дІабелла бара. Йохьанан кІант ИсмаьІал, уьш дІа а лаьцна, Іамминхой болчу ваха новкъа велира.
Выбор основного перевода