Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Мисар-мехкан паччахь шен махка чуьра тІом бан кхин ара ца велира, хІунда аьлча Мисар-мехкан дозанехь долчу хина тІера Эпрат-хина тІе кхаччалц долу латтанаш дІалецира Бавел-мехкан паччахьо Набухди-Нецара. «Къа ду аьрхачу нехан, – боху Везачу Эло. – Цара Іалашонаш хІиттайо, амма уьш Сайнаш яц, харцделанашна чагІаран сагІанаш дахарца цара берташ бо, амма уьш Сан Синера бац, цхьана къинна тІе кхиниг а тухуш. Сох дага а ца бовлуш, Мисар-махка боьлху уьш, пирІуне гІо дехархьама а, Мисаран ІиндагІехь дІалачкъархьама а. Амма пирІуно деш долу гІо эхье хир ду шуна, Мисаран ІиндагІехь дІалачкъар а сий дайаре доьрзур ду. Къа ду Мисар-махка гІо деха боьлхучеран! Мисархойн говрех а, гІудалкхех а, уьш дукха хиларна, догдохийла а йолуш, церан дошлойх, уьш онда хиларна, бІо а булуш бу уьш, амма Исраилан халкъан Везачу Деле а ца хьовсу, Везачу Эле гІо а ца доьху цара. Амма Иза хууш ву, Ша деш дерг хІун ду! Цо бохам боккхур бу, Шен дешнаш юхаоьцуш вац Иза. Харцонаш лелочу зуламечу нахана а, царна гІо дечарна а дуьхьал Шен оьгІазалла йоккхур ю Цо. Мисархой адамаш бен дац, уьш деланаш бац. Церан говраш дилха бен дац, уьш гІаларташ дац. Везачу Эло Шен куьг дІахьажийча, гІо доккхург тасалур ву, ткъа гІо тІелаьцнарг вужур ву. Уьш ший а хІаллакьхир ву. «Дехар дехьа тхох лаций Везачу Эле, хІунда аьлча бавелхойн паччахь волу Набухди-Нецар тхуна дуьхьал тІом беш ву. Везачу Эло тхан дуьхьа, Ша хьалха ма-дарра, Іаламат дан там бу, Набухди-Нецар тхуна дуьхьал ваьллачуьра дІа а волуьйтуш». Цигахь цара эр ду: „Мисар-мехкан паччахь волу пирІун эрна гІовгІа ян бен вац. Цо шен таро йолу хан дІаяхийти“. qac Сqac*ирла бІаьргаш гІелделла-кх тхан, гІо кхачаре эрна ла а дегІна. Тхо кІелхьара ца дахалуш долчу халкъе ха дечу бІов тІера тхо эрна охьахьийжира. Мисар-махкарчу паччахье яхІудхойн паччахьна тІамехь гІо далур дац, гІалина гонах лаьттан гунаш дича а, тІеман гІирс дІахІоттийча а, дуккха а адам хІаллакдархьама. «Адаман кІант! Мисар-мехкан паччахь волчу пирІунна дуьхьал вист а хилий, цунна а, берриг а Мисар-махкана а дуьхьал Соьгара болу хаам бе. ТІаккха хуур ду берриг а Мисар-махкахь бехаш болчарна, Со Веза Эла вуйла. Исраилан халкъо хьоьгара, Мисар-махкара, гІо лехча, хьо, эрз санна, ледара гІортор ма яра.
Выбор основного перевода