Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ХІара дешнаш Бен-Яманан тайпанан лаьтта тІехь лаьтташ йолчу Іанатот-гІаларчу динан дайх цхьаъ волчу а, Хьалкхи-ЯхІун кІентех волчу а Ярми-ЯхІун ду. Сан ден вешин кІанта Хьанамиала, Везачу Эло ма-аллара, со волчу а веана, элира: «Іанатот-гІалина уллора, Бен-Яманан латтанаш долчуьра сан кха хьайна дІаэца, хІунда аьлча вайна юкъахь долу гергарло бахьана долуш хьан бакъо ю иза эца а, хьайн дола даккха а. Цундела и латта хьайна дІаэца». ТІаккха суна хиира соьга хилла хаам Везачу Элера буйла. Аса Іанатот-гІалара и кха сайн шича волчу Хьанамиалера ийцира, цунах вуьрхІитта шекхал дети а делира.
Выбор основного перевода