Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха Ас шуьга эр ду: „Мичахь бу ахьа хьайна бина болу деланаш?“ Хьо баланашкахь долчу хенахь цаьрга, схьа а баьхкина, даккхийта хьо кІелхьар, хІунда аьлча хІора хьайн гІалин цІарах цхьацца дела ву хьан, ЯхІудан халкъ. Сан къомана тІехь йолчу чевнашна дарба до цара, и чевнаш хІумма а дац бохуш. Цара Сан къам Іехадо, цуьнга машар бу а бохуш, машар ца хуьллушехь. «Исраилан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло боху: „Аса дохор ду Бавелан паччахьан дукъ. Массо а халкъана хьалха Хьанан-ЯхІус хІара дешнаш элира: «Иштта боху Везачу Эло: „Оццу тайпана Аса, ши шо далале, Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецаран дукъ а дохор ду, массо а къаьмнийн кочара схьа а даьккхина“». Цул тІаьхьа Ярми-ЯхІу-пайхамар шен новкъа дІавахара. Цу шеран ворхІалгІачу баттахь Хьанан-ЯхІу-пайхамар велира. «Ярми-ЯхІу, Бавелехь болчу массо а йийсархошка хІара хаам бахьийта: „Иштта боху Везачу Эло нахьлимхо волчу ШамІа-ЯхІух лаьцна: ‘ШамІа-ЯхІус шуна Делера болуш санна хаамаш бора, амма иза Аса ваийтина вацара. Цо шу харцхаамех тешийтира’.
Выбор основного перевода