Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
иштта волу стаг лакхенашкахь Іаш хир ву, иза къайлаваьлла меттиг лаьмнийн гІап хир ю. Цунна бепиг а латтор ду, хих а хедар вац иза. Иза яхІудхойн паччахь волчу ЦІадукъ-ЯхІус цу чу воьллина вара, хІунда аьлча цо Ярми-ЯхІу иштта бехкевира: «Ахь хІунда бо иштта хаам: „Везачу Эло боху, Ша кестта Ярушалайм Бавелан паччахьан кара дІалур ю, Набухди-Нецара иза дІа а лоцур ю. «Сан олахо волу паччахь! Цу наха динарг вон ду, Ярми-ЯхІу гІунна чу а кхоьссина. Иза цу чохь мацалла лийр ма ву, хІунда аьлча кху гІалахь кхин бепиг дац». Машшашца хьала а озийна, цара гІунна чуьра хьалаваьккхира Ярми-ЯхІу. ТІаккха иза гІаролхойн кертахь Іийра. Ярми-ЯхІу гІаролхой болчу кертахь Іийра, Ярушалайм дІалоцу де тІекхаччалц. Ярушалайм дІалацар иштта дара. Оцу наха Ярми-ЯхІу, гІаролхойн кертара схьа а эцна, Шапанин кІентан Ахьикхаман кІант волчу Гадал-ЯхІун кара дІавелира, цуьнга иза шен цІа дІавигийтархьама. Ярми-ЯхІу шен халкъана юкъахь ваха висира. Ярми-ЯхІу гІаролхойн кертахь чувоьллина волчу хенахь, цуьнга Везачу Элера хаам кхаьчнера: Цу шеран боьалгІачу беттан уьссалгІа де тІекхаьчча, гІалахь мацалла йолаелира. Цу чохь болчу бахархошна даа хІума ца диснера. Цул тІаьхьа Цо элира: «Адаман кІант! Ас Ярушалаймехь болу кхача берриг а чекхбаьккхина хуьлуьйтур бу. Шаьш буьстина бууш болу кхача наха кхерамца буур бу. Ткъа шаьш дуьстина молуш долу хи цара шайн доьхначу дагца мер ду,
Выбор основного перевода