Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Сан Дала Шен малик даийтина. Цу малико лоьмийн батош дІакъевлина. Со Далла хьалха цІена волу дела, лоьмаша цхьа а тайпана зен-зулам ца дина суна. Ткъа хьуна хьалха а, паччахь, аса цхьа а тайпана зулам ца дина». Іийсас жоп делира царна: «Сайн Дегара дуккха а дика гІуллакхаш гайтира Ас шуна. Царах муьлханиг бахьана долуш тІулгаш детта гІерта шу Суна?» ПахІала дуьхьало йора: «Ас цхьа а вониг ца дина жуьгтийн товратан хьехамашна а, Делан цІенна а, Рим-мехкан паччахьна а дуьхьал», – бохуш. Нагахь со нийса а воцуш, со вел соьгара бахьана даьллехь, Іожалла тІеэца а кийча ву со. Амма хІара нах харцлуьйш белахь, цхьаннан а бакъо яц со кхаьрга дІавала. Ас Рим-мехкан паччахьан кхел яр доьху». Амма суна хета, вел бахьана кхуьнгара ца даьлла аьлла. Рим-мехкан паччахь волчохь шена кхел яр кхо дехарна, ас сацам бина хІара цига дІахьажо.
Выбор основного перевода