Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ЯрбаІам-паччахьо Делан стаге элира: «Хьайн Везачу Деле суна тІера доІа а дай, дехахьа сан куьг тодар». Делан стага Везачу Эле дийхира. Паччахьан куьг, ша хьалха ма-хиллара, тоделла дІахІоьттира. Цуьнан олахо волчу ашурхойн паччахьо схьахьажийначу эскаран хьаькамо аьлла, дийна волу Дела емалвеш долу дешнаш хьан Везачу Далла дІахаза тарло. Хьан Везачу Дала цунна таІзар дан тарло, Шена дІахезна дешнаш бахьана долуш. Ткъа ахь дийна бисинчарах доІа дехьа“». Ярми-ЯхІуга Везачу Элера хаам кхечира. Иза дара яхІудхойн паччахь волчу ЦІадукъ-ЯхІус и волчу Малки-ЯхІун кІант Пашихьур а, иштта МаІсей-ЯхІун кІант динан да волу Цапни-ЯхІу а хІара хабар эцна вахийтинчу хенахь: «Дехар дехьа тхох лаций Везачу Эле, хІунда аьлча бавелхойн паччахь волу Набухди-Нецар тхуна дуьхьал тІом беш ву. Везачу Эло тхан дуьхьа, Ша хьалха ма-дарра, Іаламат дан там бу, Набухди-Нецар тхуна дуьхьал ваьллачуьра дІа а волуьйтуш». «Исраилан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: „Ахьа дерриге а Исраилан халкъе а, иштта динан да волчу МаІсей-ЯхІун кІанте Цапни-ЯхІуга а, массо а кхиболчу динан дайшка а хьайгара кехаташ дахьийтира. Цу тІехь яздина дара: Паччахьан гІаролхойн хьаькамо коьрта динан да волу Сари-ЯхІу а, шолгІа динан да волу Цапни-ЯхІу а, Везачу Элан цІа чу воьдийла ларъеш волу кхо гІаролхо а йийсаре дІавигира. ШамІас дийхира тІаккха: «Везачу Эле сох доІа дейша, аша аьлларг цхьа а суна ца хилийтархьама».
Выбор основного перевода