Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Асас, аьллачунна эргІа а ваьлла, Делера дерг гуш волчунна оьгІаз а вахана, иза набахти чу воьллира. Иштта халкъана юкъара цхьацца болчу нахана ницкъ бора цо цу хенахь. Аша цаьрга дІаала: „Иштта боху паччахьо: ‘ХІара стаг набахти чу волла. Со маьрша цІа верззалц, кІеззиг бепиг а, хи а бен, хІумма а ма ло цунна’“». Амма Хьуна, Веза Эла, хууш ду цара суна дуьхьал бартбар. Уьш со вен гІерташ бу. Цара летийна къинош дІа ма дахахьа, цара динчу зуламашна геч ма дехьа. Хьуна хьалха уьш эшийна хуьлийла. Хьо оьгІазвахханчохь дехьа царна таІзар. Ярми-ЯхІу-пайхамарна еттийтира. ТІаккха цо, Ярми-ЯхІу Везачу Элан цІийнан кертахь долу Бен-Яманан лакхара ков долчу а вигийтина, цунна дечиган буржалш тохийтира. Кхечара сийсаздар а, еттар а, буржалш а, набахти а лайна шайна тІехь.
Выбор основного перевода