Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Мисар-мехкан паччахь шен махка чуьра тІом бан кхин ара ца велира, хІунда аьлча Мисар-мехкан дозанехь долчу хина тІера Эпрат-хина тІе кхаччалц долу латтанаш дІалецира Бавел-мехкан паччахьо Набухди-Нецара. Аса яхІудхойн паччахь волу ЦІадукъ-ЯхІу а, цуьнан баьччанаш а уьш байа гІерташ болчу церан мостагІийн кара дІалур бу. Аса уьш Бавелан паччахьан эскаран кара дІалур бу, и эскар хІинца шуьца тІом беш долчуьра юхадаьллехь а. Амма керла паччахь Бавел-мехкан паччахьна дуьхьалвала гІоьртира. Цо гІо доьхуш геланчаш бахийтира Мисар-махка, цигара дуккха а говраш а, эскархой а беха. ГІуллакх хир дуй те цуьнан? Ницкъ кхочур буй те цуьнан, ша бина болу барт бохийначул тІаьхьа, таІзарх кІелхьарвала?“»
Выбор основного перевода