Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Бавел-мехкан паччахьо Ярушалайм-гІалахь керла паччахь дІахІоттийра. Иза вара ЯхІу-Яхинан ден ваша волу Матан-ЯхІу. Матан-ЯхІун цІе а хийцина, ЦІадукъ-ЯхІу аьлла, цІе тиллира цунна Бавел-мехкан паччахьо. Керла шо долалуш, Набухди-Нецар-паччахьо геланчаш бахийтира, ЯхІу-Яхин дІа а лаций, цуьнца цхьаьна Везачу Элан цІа чуьра еза пхьегІаш а яхьаш, иза Бавел-гІала дІавалаве аьлла, омра а дина. ЯхІуд-махкахь а, Ярушалаймехь а паччахь вина дІахІоттийра цо ЯхІу-Яхин гергара волу ЦІадукъ-ЯхІу. «Дийна волчу Сох чІагІо йо Аса, – боху Везачу Эло, – яхІудхойн паччахь волу ЯхІу-Якхаман кІант ЯхІу-Яхин, хьо Сан аьтту куьйган пІелгара мухІар хилча а, Аса хьо цу тІера схьа а ваьккхина, «Хаттар де оцу аьрхачу халкъе: „И хІуманаш хІун маьІна долуш ду хаьий шуна?“ – алий. ТІаккха дІаала цаьрга: „Хьалхара аьрзу – Бавелан паччахь ву. Цо, Ярушалайме а веана, шеца Бавеле дІабигира паччахь а, цуьнан элий а. Цул тІаьхьа Набухди-Нецара шена тешаме хир ву аьлла дош деллачу паччахьан цІийнах волчу стагаца барт бира. Цу махкара лаккхарчу даржашкахь мел волу стаг дІавигира цо, и пачхьалкх, кхин хьалагІатта ницкъ а ца кхочуш, лахахь йисийтархьама. Цу тайпана, ша бина барт ларбеш бен, и пачхьалкх латталур яцара. Амма керла паччахь Бавел-мехкан паччахьна дуьхьалвала гІоьртира. Цо гІо доьхуш геланчаш бахийтира Мисар-махка, цигара дуккха а говраш а, эскархой а беха. ГІуллакх хир дуй те цуьнан? Ницкъ кхочур буй те цуьнан, ша бина болу барт бохийначул тІаьхьа, таІзарх кІелхьарвала?“» Хьалдолчу Эло боху: «Дийна волчу Сайх чІагІо йо Ас: и керла паччахь Бавелехь лийр ма ву – шех паччахь винчу а, цуьнан чІагІонах ша ца ваьшначу а, ша цуьнца бина барт бохийначу а паччахьан махкахь. Мисар-махкарчу паччахье яхІудхойн паччахьна тІамехь гІо далур дац, гІалина гонах лаьттан гунаш дича а, тІеман гІирс дІахІоттийча а, дуккха а адам хІаллакдархьама. Амма яхІудхойн паччахь кІелхьарвер вац, хІунда аьлча цо, ша делла дош кхочуш а ца деш, бина барт бохийна». Цундела иштта боху Хьалдолчу Эло: «Дийна волчу Сайх чІагІо йо Ас, яхІудхойн паччахь Суна хьалха ша йинчу чІагІонах ца вашаре а, Айса цуьнца бина барт цо бохоре а хьаьжжина, Аса таІзар дийр ду цунна. Ас иза схьалаца бой тосур ю, иза цу чу а эккхор ву. Ас иза Бавеле схьавалор ву, циггахь цунна таІзар а дийр ду, иза Суна тешаме цахиларна. Ас хІаллакдийр ду цуьнан эскар, цуьнан дийна бисина болу уггар дика тІемалой Аса массанхьа а дІасакхуьссур бу. ТІаккха хуур ду шуна, Веза Эла волу Со шуьга къамел динарг вуйла».
Выбор основного перевода