Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Амма Хьуна, Веза Эла, хууш ду цара суна дуьхьал бартбар. Уьш со вен гІерташ бу. Цара летийна къинош дІа ма дахахьа, цара динчу зуламашна геч ма дехьа. Хьуна хьалха уьш эшийна хуьлийла. Хьо оьгІазвахханчохь дехьа царна таІзар. Цара Везачу Эле шайн дехарш дан ма мега, уьш шайн вочу новкъах дІабовла ма мега, хІунда аьлча Везачу Эло оцу къомана дІакхайкхийна оьгІазалла а, дералла а чІогІа йоккха ю». Нагахь иштта хилахь, ахьа цаьрга ала: „Со паччахье дехар деш вара, ЯхІунатин цІийнан набахти чохь валийта, со цига ма вахийта бохуш“».
Выбор основного перевода