Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха цхьаболчара элира: «Дуьйло, Ярми-ЯхІуна дуьхьал барт бийр бу вай! Товрат-хьехам тхуна Іамочу динан дайн а, хьехамаш бечу хьекъалчийн а, Делера болу хаам бечу пайхамарийн а цатоар цкъа а хир дац. Вало, Ярми-ЯхІуна дуьхьал бехкаш далор ду вай, цуьнан дешнаш тергал а дийр дац вай». Дукхахболчеран шабар-шибарш хеза суна: «Массанхьа а вайна къемат ду! Вай иза емалван ма веза!» Соьгара гІалат даларе а хьоьжуш, сан массо а доттагІаша боху: «Иза Іехо мегар ву. ТІаккха иза эшор ву вай, цунна бекхам а бийр бу». ХІокху гІалахь виснарг туьро, мацалло, я уьно хІаллаквийр ву. Амма Ярушалаймера ара а ваьлла, гІалина го бинчу хашадхойн каравахнарг дийна вуьсур ву. Цо шен дахар кІелхьардаьккхина хир ду. ХІунда аьлча Везачу Эло иштта боху: «Сакъералуш, Якъубан тІаьхьенна эшарш лекха, мохь бетта къаьмнийн уггар сийлахьчунна. Массарна а хезаш, цунна хастамаш бе, иштта ала: „КІелхьардаккхахьа, Веза Эла, Хьайн къам, Исраилан халкъах дисинарг!“ Къилбаседехьа йолчу ГибаІ-гІалара Ярушалаймана къилбехьа йолчу Римун-гІалина тІекхаччалц дерриг а латта Іариба-тогІи санна хир ду. Ярушалайм-гІала шен лекхачу меттехь кхидІа а лаьттар ю. Иза хир ю Бен-Яманан кевнна тІера дуьххьарлерчу кевнан меттехь долчу Сонерачу кевнна тІекхаччалц а, Хьананиал-бІаьвнна тІера паччахьан муттдоккхургана тІекхаччалц а. Цигахь Иза бехке ван хІиттира уьш: «Тхуна хІара стаг нах карзахбохуш вуьйла хиъна. Кхо паччахьна ял ма ло боху, Ша Дала Леррина Къобалвинарг ву боху, ткъа иза паччахь ву бохург ду». Оха къастийна: хІара стаг нахана зуламе хилар, дуьнен чохь массо а меттехь жуьгташна юкъахь питана туьйсуш а, назартхойн тобанан куьйгалхойх цхьаъ хилар а. ТІехула тІе Делан цІа сийсаздан а воьллера хІара, амма оха сацийра. ТІехула тІе Делан цІа сийсаздан а воьллера хІара, амма оха сацийра. Барт хаьттича, хьуна хьайна а хуур ду, оха хІара стаг бехкевар нийса дуйла». Оцу бехкана тІетайра важа жуьгтий а, цо аьлларг дерриг а бакъ ду аьлла. Церан ницкъ бац, со бехке ву аьлла, цхьа а тешо.
Выбор основного перевода