Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Иза паччахьан гІалина чохь долчу йозанчин цІа чу велира. Цигахь мехкан массо а баьччанаш бара Іаш: паччахьан йозанча волу Эли-ШамаІ а, ШамІа-ЯхІун кІант Дали-ЯхІу а, Іахбаран кІант Эли-Ната а, Шапанин кІант Гамар-ЯхІу а, Хьанан-ЯхІун кІант ЦІадукъ-ЯхІу а, иштта кхиболу мехкан баьччанаш а. Аса тахана хьан куьйгех тоьхначу хІокху буржалех мукъавоккху хьо. Хьайна соьца Бавеле дІаван лаахь, дІавола, аса Іуналла дийр ду хьуна тІехь. Нагахь хьайна цига дІаван ца лаахь, кхузахь саца мегар ду хьуна. ХІара дерриг а латта хьуна хьалха Іуьллуш ду, хьайна луъучу метте дІаваха пурба ду хьуна». Ярми-ЯхІу новкъа валале, Набузар-Адана кхин а элира: «Я хьайна лаахь, Шапанин кІентан Ахьикхаман кІант Гадал-ЯхІу волчу гІо, Бавелан паччахьо массо а ЯхІуд-махкарчу гІаланашна тІехь хьаькам хІоттийна волчу. Хьайн халкъана юкъахь цуьнца саца мегар ду хьуна. Я хьайна луъучу метте дІагІо». Ярми-ЯхІуна яа хІума а, совгІаташ а дІа а делла, Набузар-Адана иза аравалийтира. Ярми-ЯхІу МицІпа-гІалахь сецначу Ахьикхаман кІант Гадал-ЯхІу волчу вахара. Шайн махкахь дисинчу шен халкъана юкъахь сецира иза. «Декъалдина ду шу, наха сийсаза дохуш, тІаьхьа а бевлла, харц хабарш а дуьйцуш, Со бахьана долуш бехкедеш лелаш делахь. Хазахетарца даккхийделаш! ХІунда аьлча стигалшкахь йоккха ял хир ю шуна. Иштта хьийзийна пайхамарш а, шул хьалха хилла болу».
Выбор основного перевода