Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
„Исраилан халкъан Везачу Дала боху: Шун карахь болу тІемалой гІалина го бинчу бавелхойн паччахьца а, хашадхошца а хІинца гІалин пенашна арахула тІом беш бу. Амма Аса и тІемалой гІалин юккъе юхаберзор бу. Аса-Айса бийр бу шуна дуьхьал тІом, кховдийначу куьйгаца а, нуьцкъалчу пхьаьрсаца а, Сайн оьгІазаллица а, дераллица а, чІогІачу моханца а. Веза Эла эскарна хьалха воьду, Цо Шен эскаре омра до. Ма шортта ду Цуьнан долахь долу эскар! Ма нуьцкъала бу Цуьнан дош кхочушдийраш! Везачу Эло кхел ен де сийлахь ду. Хьаьнга лалур ду те и къематде?
Выбор основного перевода