Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ЦІадукъ-ЯхІу-паччахьо шен Везачу Далла зуламе хеташ долу гІуллакхаш леладора. Везачу Элера долу дош схьаолуш волу Ярми-ЯхІу-пайхамар шена уллохь а волуш, Далла хьалха ша лахвар ца лиира ЦІадукъ-ЯхІуна. Делан цІарах цунна тешаме хир ву аьлла, ша биъна дуй къар а беш, Набухди-Нецар-паччахьна дуьхьал велира ЦІадукъ-ЯхІу. Вухахьа а ваьлла, дог чІагІ а дина, цунна ца лиира Исраилан халкъан Везачу Делехьа юхаверза. Цул сов, динан дайшна а, халкъана а тІехь куьйгалла деш болчу массара а Далла тешаме боцуш шайн лелар алсамдаьккхира. Кхечу къаьмнех болчу наха лелош хилла дегаза гІуллакхаш цара а леладора. Ткъа Везачу Эло Ярушалайм-гІалахь даздина долу Цуьнан цІа сийсаз а дора цара.
Выбор основного перевода