Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цул тІаьхьа, – боху Везачу Эло, – яхІудхойн паччахь волу ЦІадукъ-ЯхІу а, цуьнан тхьамданаш а, цу гІалара Іожаллин уьнах а, туьрах а, мацаллах а кІелхьардаьлла долу халкъ а дІалур ду Аса бавелхойн паччахь волчу Набухди-Нецаран кара а, уьш байа лууш болчу церан мостагІашна а. Набухди-Нецара уьш туьраца хІаллакбийр бу. Цо уьш кхоор а бац, царах къа а хетар дац, къинхетам а бийр бац“. ТІаккха ЦІадукъ-ЯхІу-паччахьо баьччанашна жоп делира: «Иза шун карахь ву, ткъа со аша дечунна дуьхьал хІумма а дан йиш йолуш вац». Цара Ярми-ЯхІу, схьа а лаьцна, гІаролхойн кертахь яьккхинчу паччахьан кІентан Малки-ЯхІун гІунна чу кхоьссира. Ярми-ЯхІу, машшаш а дихкина, цу гІунна чу охьавоссийтира. Цу гІунна чохь, сазз бен, хи дацара. Иштта саззи юкъа охьавоьссира Ярми-ЯхІу. Паччахьан цІа чохь гІуллакх деш волчу Іабайд-Малик цІе йолчу цхьана хушахочунна хезна Ярми-ЯхІу гІу чу хаийна хиларх лаьцна. Цу хенахь паччахь Бен-Яманан кевнехь хиъна Іаш хилла. Паччахьан цІа чуьра ара а ваьлла, Іабайд-Малика, цунна тІе а вахана, элира: «Сан олахо волу паччахь! Цу наха динарг вон ду, Ярми-ЯхІу гІунна чу а кхоьссина. Иза цу чохь мацалла лийр ма ву, хІунда аьлча кху гІалахь кхин бепиг дац». ТІаккха паччахьо хушахо волчу Іабайд-Малике омра дина: «Хьайца кхузара ткъе итт стаг схьа а эций, Ярми-ЯхІу гІунна чуьра хьалаваккха, иза валале». Іабайд-Малика, шеца нах схьа а эцна, паччахьан цІийнан чІоь-цІенна кІелахь йолчу чоьнна чуьра тиша тІелхигаш а, ца оьшуш йолу кІадинан кескаш а схьа а эцна, уьш Ярми-ЯхІу чохь волчу гІу чу тІергаш а тесна, чу яхийтира. Хушахо волчу Іабайд-Малика элира Ярми-ЯхІуга: «ХІара тиша тІелхигаш а, кІадинан кескаш а хьайн пхьаьрса кІел а яхкий, царна тІехула муш бахийта». Ярми-ЯхІус шега де ма-аллара дира. Машшашца хьала а озийна, цара гІунна чуьра хьалаваьккхира Ярми-ЯхІу. ТІаккха иза гІаролхойн кертахь Іийра. ТІаккха ЦІадукъ-ЯхІус шена тІекхайкхира Ярми-ЯхІу. Везачу Элан цІийнан кертан кхоалгІа ков долчу схьавалийра Ярми-ЯхІу. Паччахьо элира: «Ас хІинца цхьа хІума хоттур ду хьоьга, ткъа ахьа, хІумма а къайла ца доккхуш, суна жоп дала деза». Ярми-ЯхІус ЦІадукъ-ЯхІуга элира: «Ас хьайна жоп делча, ахьа со вуьйр ма ву, ткъа ас хьайна хьехар дича, ахьа иза дІаоьцур дац». Амма ЦІадукъ-ЯхІус къайлаха Ярми-ЯхІуна чІагІо йира: «Вайна хІара дахар кхоьллина а, дийна а волчу Везачу Элах чІагІо йо ас: ас вуьйр вац хьо, иштта хьо вен гІерташ болчу нехан кара дІа а лур вац аса». ТІаккха ЦІадукъ-ЯхІус элира Ярми-ЯхІуга: «ХІара дешнаш цхьана стагана а ма хаийта, хьо ца валийтархьама. Сан баьччанашна дІахаа мега ас хьоьца къамел дина хилар. Цара, схьа а баьхкина, хьоьга хатта тарло: „Бакъдерг схьадийца, хІун элира ахьа паччахье а, паччахьо хьоьга хІун элира а? Тхох къайла ма даккхалахь шаьшшиннан хилла къамел, тІаккха оха хьо вуьйр вац“. Нагахь иштта хилахь, ахьа цаьрга ала: „Со паччахье дехар деш вара, ЯхІунатин цІийнан набахти чохь валийта, со цига ма вахийта бохуш“». Массо а баьччанаш Ярми-ЯхІу волчу баьхкира, цара цуьнга хеттарш дира. Шега паччахьо ма-бохху, жоп делира царна Ярми-ЯхІус. ХІумма а ца олуш, уьш дІабахара, паччахьца аса дина къамел цхьанна а ца хезна дела.
Выбор основного перевода