Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ХІинца тидам бе, Суна тІедуьйла! ЛадогІа Соьга, шайн синош дахийтархьама! Ас гуттар а хин болу барт бийр бу шуьца, Даудана лур ду аьлла долу тешаме диканаш лур ду шуна. Хьовсал, Ас Цунах дуккха а халкъашна теш вира, тхьамда а, куьйгалхо а вира царна. «ТІекхочуш ю цхьа зама, – боху Везачу Эло, – Аса Даудан тІаьхьенах Сайн лаамехь волу цхьа зІийдаг кхиор йолу. Цо хьекъалца паччахьалла дийр ду, хІокху лаьтта тІехь нийсо а, бакъдерг а лелор ду. Ас царна тІе цхьа Іу хІоттор ву, Сайн ялхо волу Дауд. Цо уьш дажор ду, иза церан Іу хир ву. Веза Эла волу Со церан Дела хир ву, ткъа Сан ялхо волу Дауд царна юкъахь эла хир ву. Иза Аса боху, Везачу Эло. Сан ялхо волу Дауд церан паччахь хир ву, царна массарна а тІехь цхьа Іу а хир ву. Уьш Сан тІедехкинаршца лелар бу, цара Сан парзаш, кхочуш а деш, лар а дийр ду. Цул тІаьхьа исраилхой юха а боьрзур бу, шайн Веза Дела а, Даудан тІаьхьенах волу шайн паччахь а лохур ву цара. ТІаьхьарчу деношкахь Везачу Элана хьалха ларамах а, Цуьнан диканах а буьзна хир бу уьш. Шен ялхочун Даудан тІаьхьенах волу нуьцкъала стаг ваийтина Цо вай кІелхьардаха, Ша гуттар хьалха Шен безачу пайхамаршкахула ма-баххара. Цул тІаьхьа Шаул дІа а ваьккхина, Дала Дауд хІоттийна паччахь. Цунах лаьцна Дала тоьшалла дина: „Суна Юшаян кІант карийна, и стаг Сан даго тІелоцуш ву. Цо кхочушдийр ду Сан гІуллакхаш“. Ша аьлла ма-хиллара, Даудан тІаьхьенах волу Іийса кхайкхина Дала Исраилан халкъ кІелхьардаккха.
Выбор основного перевода