Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цуьнга ла а дугІуш, Ас мел бохург ахь кхочушдахь, хьан мостагІийн мостагІа хир ву Со, хьуна дуьхьал волчунна дуьхьал а хир ву. Къа ду хьан, халкъ, чІана даьккхина доцу чІана даккхархо! Хьан а къа ду, цхьаммо а ямартло йина воцу ямартхо! Нах чІана баьхна хьо даьлча, хьо а доккхур ду чІана. Ямартло йина хьо даьлча, хьуна а йийр ю ямартло. Хьуна оьгІазбаханарш юьхьІаьржачу хІиттина а, тІе эхь деана а хир бу. Хьуна дуьхьалбевлларш, хІумма йоцург а хилла, хІаллакьхир бу. Хьайн дералла охьаІанаехьа Хьо вовзаза долчу къаьмнашна тІе, Хьайга ца кхойкхучу халкъашна тІе. Цара Якъубан тІаьхье дІакхаьллира, цаста а цестина, и къам дІа а кхаьллина, иза Іаш болу мохк бассийна цара. Ас гураш доьгІнера хьуна, Бавел, хІинца, хьайна а ца хууш, хьо цара дІалаьцна. Веза Эла волчу Суна хьо дуьхьал яьллера, цундела хьо, кара а йина, дІалаьцна.
Выбор основного перевода