Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Исраилан халкъана кІелхьардовлар Цийон-лома тІера догІур делахьара! Шен халкъ Дала юхаметтахІоттийча, Якъубан халкъан сакъералур дара, Исраилан халкъан самукъадер дара. Везачу Эло кхечу къаьмнех болчу нахана байракх хьалаойур ю, шайн махкара дІалаьхкина исраилхой схьагулбийр бу, Ша дІасабаржийна яхІудхой дуьненан еа а маьІІера схьакхойкхур бу. Эпрайман хьагІ а дІаер ю, ЯхІудан мостагІалла дІахедар ду. Эпрайман ЯхІуде хьагІ хир яц, ЯхІуда Эпраймана мостагІалла лелор дац. Мелхо а Исраилан халкъ къилбаседехьарачу махкара а, массо а Ша уьш дІабахийтина долчу латтанашкара а юхадерзийначу дийна волчу Везачу Элах чІагІо йийр ю цара. Церан дайшна деллачу лаьтта тІе юхаберзор бу Аса уьш». Кхузткъе итт шо дІадаьллачул тІаьхьа Аса Бавелан паччахьна а, цуьнан къомана а таІзар дийр ду, цара летийна къинош бахьана долуш, – боху Везачу Эло. – Хашадхойн мохк гуттаренна а бассор бу Аса. Иштта боху Везачу Эло: „Шу Бавелехь долу кхузткъе итт шо кхаьчначул тІаьхьа Со шун аьтто бан хьожур а ву, Айса шух лаьцна аьлла долу дешнаш кхочуш а дийр ду, шу хІокху метте схьа а дерзош. Аса шуьга Со каравойтур ву, – боху Везачу Эло. – Аса шун аьтто хилар карладоккхур а ду, массо а халкъашна юккъера, массо а Айса дІалаьхкинчу мехкашкара шу гулдийр ду Аса, – боху Везачу Эло. – Хьалха шаьш йийсаре дІадигначу метте юхадалор ду Аса шу“. ТІаккха яхІудхой а, исраилхой а цхьаьнакхетар а бу, шайна юха а куьйгалхо дІа а хІоттор ву цара. Уьш шайн лаьттара хьалакхуьур бу, хІунда аьлча ИзраІалан де сийлахь хир ду!» Оцу хенахь Ас шу схьа а далор ду, оццу дийнахь схьа а гулдийр ду. Ас шу гІарадохур а ду, лоруьйтур а ду лаьтта тІера массо а халкъашна юкъахь, Ас шун бІаьргашна хьалха шун аьтто юхаметтахІоттийначу хенахь», – боху Везачу Эло. таІзарх муха девр ду вай, оццул сийлахьчу кІелхьардовларх ца дашахь? И кІелхьардовлар цкъа хьалха Везачу Эло дІакхайкхийра, цул тІаьхьа Иза хезнаболчара иза бакъ хилар вайна чІагІдира.
Выбор основного перевода