Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Уьш кхерабелла хир бу, чІогІачу лазарша дІалоцур бу уьш. Бер деш йолу зуда санна, хьийзар бу и нах. Йогучу яххьашца, цецбевлла, вовшашка хьоьжур бу уьш. Суна берах хьийзочу зудчун аз хезаш санна хета. И аз дуьххьара бер деш йолчу зудчун санна ду. Иза Цийонан йоІан аз санна ду. Са а лоцуш, куьйгаш хьала а дахийтина, цо боху: «Маржа-яІ! Сан са малделла дІадолу байа баьхкинчу нахана хьалха!». Ярушалайман бахархоша элира: «Царах лаьцна тхайга хаам кхаьчча, кхераделла, доьхна хьийзаш дара тхо. Берах хьийзош йолчу зудчуьнгахь санна, боккха бала бара тхоьгахь. «Оцу хенахь хьан халкъ Іалашдеш долу а, сийлахь эла долу а Микаал-малик гучудер ду. ТІаккха адамаш дуьнен чу девллачхьана, хІокху ханна тІекхаччалц, цкъа а хилла йоцу хала хан йогІур ю. Ткъа оцу хенахь хьан халкъана юкъара берриг а Делан тептар тІе дІаязбина карор берш кІелхьарбевр бу. Гергга ду Везачу Элан сийлахь-доккха де. Гергга а ду, чІогІа сихделла а догІу. ЛадогІал! Везачу Элан де ма къаьхьа белхар ду! Уггар майрачу тІемалочо а цІогІа детташ ду!
Выбор основного перевода