Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Веза Эла, къинхетаме хилахьа соьца, со гІел ма велла. Сан даьІахкашка зуз догІу, товехьа со. ГалІадехь хьакхар-молха дац те? Цигахь лоьраш бац те? Сан хьоме къам хІунда ца тоделла те цаьрга? Делахь а, Ас гІалина дарба а, лоралла а дийр ду. Цуьнан халкъ Ас, то а дина, цунна машар а, сашорте а йовзуьйтур ю. «Оцу наха дуьйцучун тидам биний ахь? Цара олу: „Ша хаьржина долу ши халкъ Везачу Эло Шена уллора дІатеттина“. Сан халкъ царна дола хета, хІинца иза Сан къам кхин ца хета царна. Наха иштта боху: «Дуьйло, вешан Везачу Элана тІедерза вай. ХІунда аьлча Цо вай лаза а дина – Цо вайна дарба а дийр ду. Цо йина вайна чевнаш – Цо уьш дІа а йоьхкур ю.
Выбор основного перевода