Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьо гІоттур ву, Ахьа Цийонах къинхетам бийр бу, цуьнца дика хила еза зама тІееана дела. Билгалъяьккхина хан тІе ма еана. Аса юха а меттахІоттор ду хьо, йоІстаг санна долу Исраилан халкъ, хьо юхаметтахІоттийна а хир ду. Ахь юха а жиргІанаш еттар ю, самукъане хелхар а деш, хьо лелар ду. Исраилан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: «Аса халкъан аьтто юхаметтахІоттабича, ЯхІуд-махкахь а, цуьнан гІаланашкахь а хІара дешнаш кхин цкъа эр ду: „Везачу Эло декъалбойла хьо, беза лам, нийсо шена тІехь Іаш йолу меттиг“. «ТІейогІуш ю Ярушалайм Сан дуьхьа юхаметтахІоттон йолу зама, – боху Везачу Эло. – Ерриг а гІала юхаметтахІоттор ю Хьананиалан бІаьвнна тІера дуьйна Сонерчу кевнна тІекхаччалц. Дохалла дустаран тІийраг Сонерачу кевнна тІера ГІарабан гуна тІе а кхочий, ГуІа-метте дІайоьрзур ю. Декъий дІадухкуш йолу а, юкъ тІекхуссуш йолу а тогІи, иштта малхбалехь долчу Кхидрун-хина тІе а, къилбаседехь долчу Говрийн кевнна тІе а кхаччалц йолу аренаш а Везачу Элан еза меттигаш хилла дІахІуьттур ю. Ткъа Ярушалайм-гІала цхьана а заманахь орамашца дІаяьккхина я йохийна кхин хир яц». «Охьадоьжна четар санна йолу Даудан пачхьалкх юхаметтахІоттор ю Ас оцу дийнахь. Цуьнан йохийна а, лилхина а меттигаш, дІа а къевлина, ширачу заманахь ма-хиллара, дІахІоттор ду иза.
Выбор основного перевода