Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шайна тІе сингаттаман духар доха, мохь бетташ, тийжарца делха, хІунда аьлча Везачу Элан дералла ЯхІудан халкъана тІера дІа ца йирзина». Везачу Элан дералла, дарц санна, царна тІейогІуш ю, иза Іесачеран коьрта тІе, йилбазмох санна, южур ю. Везачу Элан оьгІазалла дІаер яц, Ша мел дан леринарг чекхдаккхалц. ТІедогІуш долчу деношкахь шу цунах дика кхетар ду. Иштта боху массо а ницкъийн Везачу Эло: «Цхьана халкъана тІера вукху халкъана тІе а кхочуш, бохам бийр бу, ткъа доккха дарц долалуш ду дуьненан генарчу йистошкара.
Выбор основного перевода