Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ХІунда аьлча Ахь кагдина дІадаьккхина цунна хало йина долу дукъ а, цуьнан белшаш тІе йиттина Іаса а, цунна ницкъ бинчун гІаж а, маданхойн эскар Ахь эша-ма-дарра. Везачу Эло соьга иштта элира: «Ярми-ЯхІу, цІоканан моханех а, дукъойх а хьайна дукъ а дай, иза хьайна тІедилла. Аренгарчу дитто стоьмаш а лур бу, лаьтто ялта а лур ду, Сан уьстагІий шайн лаьтта тІехь кхерамехь хир дац. Ас дохор ду церан кочара дукъ, царах леш бинчу нехан карара уьш схьабохур бу Аса. ТІаккха хуур ду царна, Со Веза Эла вуйла. ХІинца Ас хьуна тІехь долу церан дукъ дохор ду, хьан буржалш а йохор ю».
Выбор основного перевода