Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ма кхера – Со хьоьца ву! Малхбалера хьан тайпанаш схьадалор ду Ас, малхбузера шу схьагулдийр ду. Хьо кхоьллинчу а, ненан кийрахь долуш дуьйна хьо дІанисдинчу а Везачу Эло иштта боху, ткъа Цо хьуна гІо дийр ду: „Кхера ма кхера, Сан ялхо йолу Якъубан тІаьхье, ма кхера, Ас хаьржина долу Сан хьоме халкъ. Хьайн корта хьала а айий, гонах хьажа: уьш массо а, гул а белла, хьуна тІебогІуш бу. Хьан кІентий генара схьабогІуш бу, карахь хьан мехкарий а бахьаш. Оцу деношкахь ЯхІудан халкъ паргІат хир ду, ткъа Ярушалайман бахархой сашортехь Іийр бу. ГІалин цІе иштта тиллина хир ю: „Тхуна нийсо лелош волу Веза Эла“». Ма кхера шаьш кхоьруш волчу Бавелан паччахьах. Шу цунах ма кхера, – боху Везачу Эло, – хІунда аьлча Со шуьца ву, Ас шу кІелхьардохур а ду. «Ткъа хьо, Сан ялхо йолу Якъубан тІаьхье, кхера ма ло, иштта Исраилан халкъ, ма къахка. Аса хьо генарчу махках кІелхьардоккхур а ду, шаьш йийсаре дІабигначу махкара хьан тІаьхьенаш паргІатйохур а ю. Якъубан тІаьхье юхайоьрзур ю, уьш машарехь а, сашортехь а бехар бу. Царна цхьаммо а кхерамаш а туьйсур бац. Сан ялхо йолу Якъубан тІаьхье, кхера ма ло, – боху Везачу Эло, – Со хьоьца волу дела. Шу дІасалаьхкина мел долу къаьмнаш Аса билггал хІаллакдийр делахь а, шу хІаллак ца деш, дуьтур ду. Шуна таІзар ца деш Аса шу дуьтур дац, амма Аса нийсонца Шуна таІзар дийр ду». Амма хІорра а шен-шен кемсийн таьллангана кІел а, шен-шен инжиран дитта кІел а хиъна Іийр ву. Царна цхьаммо а кхерамаш туьйсур бац, хІунда аьлча массо а ницкъийн Везачу Эло аьлла иза.
Выбор основного перевода