Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Эхь хетий те царна шаьш лелош долу боьха хІума бахьана долуш? Ца хета. Жимма а эхь хетта, цІий ца ло уьш шаьш летийна долу къинош бахьана долуш. Массо а санна, уьш а хІаллакьхир бу. Нахана таІзар дан Со вахча, Аса лаьттах тухур бу уьш“», – боху Везачу Эло. Ярушалайм-гІалано боху: «Ма бала бу соьгахь, хІара лазарна! И сан чов дукха хала ю. Аса аьллера: „Иза цамгар бен яц, со цунах толур ю“. ХІунда бу те хІара лазам хедар боцу, хІунда ца йоьрзу те сан чов дІа? Веза Эла, Хьо соьца Іехош долу татол санна хир ву? Хьо соьца цатешаме йолу Іовраш санна хир ву? Хьайн чевнашна хІунда бо ахь латкъамаш, хьайн лазарна дан дарба доццушехь а? Веза Эла волчу Аса дина ду иза, хІунда аьлча хьан бехк боккха бу, ткъа ахь летийна къинош алссам ду.
Выбор основного перевода